Нохчийн Республикин Парламентан
Председателан Даудов Мохьмадан
Нохчийн меттан денца доьзна декъалдар

Хьоме махкахой!

Нохчийн Республикин Парламентан депутатийн а, сайн а цIарах ас даггара декъалдо Нохчийн меттан Денца сан хьоме ваша, лараме Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а, дерриге нохчийн халкъа! Вайна беза вайн ненан мотт, цунах дозалла а до вай. Цундела, вайна массарна а уггаре а мехалчех цхьа дезде ду хIара. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас олура: «Мотт ца хилча, къам а ца хуьлу». Регионан куьйгалхо волу Ахьмад-Хьаьжин Рамзана оьшуш мел дерг до ненан мотт Iалашбарехьа а, кхиорехьа а. 2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Парламенто тIеийцира «Нохчийн Республикехь меттанийн хьокъехь» долу закон. Цуьнан Iалашо ю къоман уггаре а мехала билгало а, Нохчийн Республикин халкъан ерриге а культурин бух а болу нохчийн мотт Iалашбарна а, кхиорна а гIайгIабар. Оццу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан Указаца юкъадаьккхира Нохчийн меттан де. Тахана республикехь нохчийн маттахь передачаш йо телевиденехь а, радиохь а. Зорбатухуш ду газеташ, журналаш, арахоьцуш ю книгаш. Вай дозалла до, вайн ненан маттахь паргIат къамелаш дан, ненан мотт кхио маршо хиларх.  Ас даггара декъалдо шу дерриге а Нохчийн меттан денца!

Ларамца,
Нохчийн Республикин Парламентан Председатель
Даудов Мохьмад

Контакты

Парламент Чеченской Республики
364014, Чеченская Республика,
г. Грозный, ул. Восточная, д. 48
Тел./Факс: (8712) 22 42 30
 

Полезные ссылки

  • Верховный суд ЧР
  • Высший арбитражный суд ЧР
  • Уполномоченный по правам человека в ЧР
  • Избирательная комиссия ЧР
  • Прокуратура ЧР
Яндекс.Метрика